Муниципальное бюджетное общеобразовательное учреждение "Средняя общеобразовательная школа №1 г.Урус-Мартан"

urus-sosh1@mail.ru
89289435869
с 08:00 18:00
 
 
 
 
 

Новости

РЕГИОНАЛЬНИ ЭТНОГРАФИЧЕСКИ ДИКТАНТ

09.04.2019

РЕГИОНАЛЬНИ ЭТНОГРАФИЧЕСКИ ДИКТАНТ

 НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН ДЕШАРАН А, 1ИЛМАНАН А МИНИСТЕРСТВОС ХААМ БО РЕГИОНАЛЬНИ ЭТНОГРАФИЧЕСКИ ДИКТАНТ Д1АЯХЬАРХ ЛАЬЦНА. ИЗА, НОХЧИЙН МАТТЕ БОЛУ БЕЗАМ Ч1АГ1БАН, ЦУЬНАН ВАЙН ДАХАРЕХЬ ЛЕЛАР СОВДАККХА, РЕСПУБЛИКИН БАХАРХОЙН НЕНАН МАТТАХ ДОЛУ ХААРШ АЛСАМДАХА ЙОЛЧУ 1АЛАШОНЦА ЕШ Ю. "НЕНАН МОТТ – ИЗА ХАЛКЪАН ЮЬХЬ Ю, ХАЛКЪАН ОРАМ БУ" Ц1Е ЙОЛУ ЭТНОГРАФИЧЕСКИ ДИКТАНТ 2019-ЧУ ШЕРАН ОХАНАН БЕТТАН 9-ЧУ ДИЙНАХЬ ХИР Ю. ДИКТАНТ ЯЗЪЕН МЕТТИГАШ НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН МАССО А ДЕШАРАН ОРГАНИЗАЦИШ Ю. ДИКТАНТАН Т1ЕДАХКАРШ ТЕСТИЙН КЕПЕХЬ ДОЛЧУ 50 ХАТТАРХ ЛАЬТТА. ИЗА Д1АХЬОШ А, ЦУЬНАН ЖАМ1АШ ДЕШ А ВОВШАХТОХАРАН КОМИТЕТО БОЛХ БИЙР БУ. ЭТНОГРАФИЧЕСКИ ДИКТАНТАХ ЛАЬЦНА ЮЬЗЗИНА ЙОЛУ ИНФОРМАЦИ МИНИСТЕРСТВОН САЙТ Т1ЕХЬ Ю.